Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вазваран коьмах АхІаронна а, цуьнан кІенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гІогІ а. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгІат ду, цара бертан сагІанаш дохучу хенахь. Шатайпа сагІа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гІогІ а даа Далла хьалха цІена йолчу меттехь ахьа а, хьан кІенташа а, мехкарша а, хІунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагІанех долу дакъа ду. Ерриг а мохь цІера тІехь йоккхуш йолчу хенахь цара гІогІ а, некхан жижиг а, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тІе-ма-диллара». Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагІа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гІогІ а хьуна кхачош ма-хиллара. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу». Стерчий я уьстагІий сагІина деанчу наха динан дайшна дІаяла еза цу дийнатийн хІара меженаш: тІа а, мочхалш а, искиртиг а.
Выбор основного перевода