Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь стаг, цхьа хІума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чІагІо е аьлча, цо иза ца яхь, тІаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза. Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цІена доцучу хІуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тІаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву. Ойла а ца еш, цхьа хІума дийр ду аьлла, чІагІо ян там бу стага. И хІума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чІагІо яхь, амма цунна иза юха дагайоггІушехь цуьнан бехк хир бу. Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна. Ша латийначу къинна, гІуда санна, цо Везачу Элана лерина сагІа даккха деза, уьстагІ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Нагахь санна шен уьстагІ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гІуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагІина, ткъа важа дагоран сагІа санна. И ши кхокха динан дега дІабала беза. Цо къинан сагІина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац. Оцу кхокханан цІий цо сагІа доккхучу кхерчан агІонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагІа хир ду. ШолгІа кхокха дагоран сагІа доккхуш багор бу динан дас, тІедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха цунна Дала гечдийр ду. Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархІ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогІу хІума а ма тоха, хІунда аьлча иза къинан сагІа ду. Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тІехь дагор ду кхачанан сагІа санна. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагІа даьккхича дисина дама динан дена догІуш ду, кІен сагІа а хилла». Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Цо ша хІинццалц ца делларг дІадала деза. ДІадала дезачунна тІе пхоьалгІа дакъа а тоьхна, иза динан дега дІадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Цо гІуда такхаран сагІа а лерина, ка схьаоьцур бу, тІаккха Дала а цу стагана гечдийр ду. Нагахь санна стага Везачу Эло тІедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гІуда такхаран сагІина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала а гечдийр ду цунна. Везачу Элана дуьхьал даьллачу хІуманна а стаг бехке ву, цундела цо гІуда такхаран сагІа даккха деза». Везачу Эло Мусага элира: «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хІума йитина я цхьана ханна дІаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Іехо тарло цо. Я, масала, цхьа хІума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. Я цхьа хІума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош. Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг, я шех лаьцна харцдуй биъна хІума юхадала деза. ДогІург дерриг дІа а делла, цу тІе пхоьалгІа дакъа тоха деза цо. ГІуда такхаран сагІа доккхучу дийнахь цу хІуманан дега дІадала деза цо иза. Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна». Морза а тухуш, датта ца деза кІен сагІин бепиг. Ас Сайн сагІанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а тера долу чІогІа деза сагІа ду иза.
Выбор основного перевода