Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цІена доцучу хІуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тІаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву. Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «ДІаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тІехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хІорш ду: кІоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хІорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю. ГІамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. Хьакха кІорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Іотта. Уьш шуна хьарам ю. Хи чохь а, хІорда чохь а долчу дийнатех кІеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду. Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хІорда чохь а Іаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза. Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета. Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду. Олхазарех хІорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, маккхал а, шен тайпанашца леча а, шен тайпанашца муьлхха къиг а, страус а, бухІа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, соька а, чІерийдохург а, ибис а, бухІа а, пеликан а, сип а, аист а, шен тайпанашца зуя а, хІуттут а, бирдолаг а. ТІемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна. ТІемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тІехула кхиссаялархьама, шайн когашна тІехула настарш ерш ю уьш. Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цІоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солІам а, хьаргол а цІераш йолу цІоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а. Кхин муьлхха а тІемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю. ХІинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кІорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Беа кога тІехь лелачу акхаройх тІодаш тІехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю. Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а, ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цІераш йолу моьлкъарчий а. Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хІуманна тІе йожахь, и хІума – дечиган пхьегІа а, я бедар а, я тІаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тІаьхьа иза цІена хир ю. Цу дийнатех елла хІума кхийрачу пхьегІи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегІа йохо еза. И санначу пхьегІи чуьра хица йина яа хІума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегІи чуьра молу хІума а хьарам хир ю. Церан чархах схьаяьлла тІейоьжна хІума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу. Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гІу елахь, и Далла хьалха цІена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дІахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву. Деллачу дийнатах схьаяьлла хІума тІейоьжна долу дІадоь хІу Далла хьалха цІена дуьсу. Ткъа шена тІехь хи долчу хІуьнна тІе деллачу цу дийнатан цхьа хІума йожахь, и хІу Далла хьалха боьха хир ду. Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Деллачу оцу дийнатан жижиг диънарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цу дийнатан чарх дІаяьхьнарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Муьлхха а лаьттахула текха дийнат шуна дегаза ду, иза даа мегар дац аша. Иза гай тІехь текхаш а, я беа кога тІехь лелаш а, я дуккха а когаш болуш а елахь – и дийнат ма яалаш, иза шуна дегаза ю. Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта. ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена. Иштта ду бежанех а, олхазарех а, хи чохь лелачу а, лаьттахула текхачу а дийнатех долу тІедиллинарг, Далла хьалха боьхачух цІенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дІакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“».
Выбор основного перевода