Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. Морза а тухуш, датта ца деза кІен сагІин бепиг. Ас Сайн сагІанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а тера долу чІогІа деза сагІа ду иза. АхІаронан тІаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагІа. Церан тІаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагІанах долу дакъа ду иза. Цунах дІахьакхаделларг дерриг а деза хир ду». Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду.
Выбор основного перевода