Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. Некхан жижиг а, аьтту гІогІ а, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна даьккхира АхІарона, Мусас тІе-ма-диллара. И ерриг хІума а, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна, хьалаойур ю динан дас. Иза дегадаран сагІа ду. Уьш еза а ю, динан ден долахь а ю. Накха а, гІогІ а иштта динан дена догІу. Цул тІаьхьа цу назархочо чагІар мала мегар ду.
Выбор основного перевода