Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даздина духарш АхІаронна тІе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гІуллакх деш динан да хилийта. Цуьнан кІентий схьа а балабай, царна тІе а юха кучамаш. Айхьа церан дена тІе ма-доттара, даьтта дотта царна тІе а, Суна гІуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тІаьхьенаш а хир ю Суна гІуллакх деш, динан дай а хилла». «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: дийнаташ дагоран сагІанах долу тІедуьллург ду хІара. Кхерча тІехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цІера тІехь дита деза, кхерчан цІе а, ца йовш, яга езаш ю. «КІен сагІанах долу тІедиллинарг ду хІара: динан дайша, АхІаронан кІенташа, сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. «АхІарона а, цуьнан кІенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа иштта хила деза: бархІ кад тоьлла кІен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кІен сагІина лерина, царах ах – Іуьйранна, важа ах – суьйранна. «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. «ХІара ду гІуда такхаран сагІанах лаьцна тІедиллинарг. Иза чІогІа деза сагІа ду. «Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагІанах лаьцна тІедиллинарг хІара ду.
Выбор основного перевода