Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“». Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цІанвархьама гІуда такхаран сагІина цхьа Іахар бало беза цо. Цу Іахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагІа санна. Цул сов, цу стага, кІен сагІина лерина, бархІ кад зайтдаьттанца эдина кІен дама а, ши кад зайтдаьтта а, ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагІина, важа дийнаташ дагоран сагІина лерина хила беза.
Выбор основного перевода