Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза. Динан дас, кхокха сагІа доккхучу кхерчана тІе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цІий кхерчан агІонна тІе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тІехь. Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агІор, юкъ дІахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас. Стага и кхокха, цуьнан тІемаш, кег а ца деш, дІа а озийна, кагбича, иза кхерча тІе техкинчу дечигна тІерачу цІергахь багор бу динан дас. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».
Выбор основного перевода