Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Нагахь зудчо кІант вахь, ворхІ дийнахь, шен зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна, Далла хьалха цІена хир яц иза. БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш ву. Кхин ткъе кхойтта де даьлча, кІант виначу цІийх Далла хьалха цІена хир ю иза. Цу деношкахь цхьана а езачу хІуманах дІахьакхаяла а, Делан четарна улло ян а цунна могуьйтур дац, шен цІанъяларан денош чекхдовллалц. Нагахь зудчо йоІ яхь, шина кІирнах Далла хьалха цІена хир яц иза, зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна. Кхузткъе ялх дийнахь Іан деза цуьнан, йоІ йинчу цІийх Далла хьалха ша цІанъяллалц. ЦІанъяларан денош чекхдевлча, шен кІантах я йоІах дийнаташ дагоран сагІина шо кхаьчна Іахар а, къинан сагІина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо. Везачу Элана хьалха сагІа а даьккхина, и зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду динан дас. ТІаккха иза дІаихначу шен цІийх Далла хьалха цІена хир ю. Иштта ду кІант я йоІ йинчу зудчух долу тІедиллинарг. Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“». Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагІа хилахь, иза динан дена АхІаронна я динан да волчу цуьнан кІентех цхьанна тІе вало веза. Динан да дегІа тІехь долчу доІе хьожур ву. ДоІа тІехь долу чоьш кІай а делла, даІ чкъурал кІоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тІаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дІахоуьйтур ду. Нагахь дегІа тІера томмагІа кІайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тІера чоьш кІайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхІ денна нахах дІакъасто веза. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаІ, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхІ денна нахах дІакъастор ву даІ долу стаг. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даІ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегІа тІехула дІаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІахоуьйтур ду. ДегІа тІехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тІаккха иза цІена хир ву. Нагахь стаг динан дена тІе ша Далла хьалха цІена хилар дІахаийта веанчул тІаьхьа, хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тІеван веза. Хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тІевало веза. Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегІа тІера йистина меттиг кІайн елахь, ткъа дестаро чоьш кІайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, иза дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дІакъасто ца веза, хІунда аьлча иза, массарна а гуш, цІена вац. Нагахь чкъуран цамгар коьрта тІера когашка кхаччалц цомгушчун дегІа тІехула дІасаяржахь, динан ден бІаьргаша схьалоццучул, динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегІ дерриг а цамгаро дІалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цІена ву эр ду. ХІунда аьлча цомгушчун дегІ кІайн ду – иза цІена ву. Ткъа цуьнан дегІа тІехь жижиг гучудалахь, иза цІена хир вац. Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цІена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кІайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза. Динан дас, дегІе а хьаьжна, даІ кІайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь цхьаннан дегІа тІехь сурх а яьлла, иза дІайирзинехь, ткъа иза хиллачохь кІайчу басахь дестар я цІегІо-кІайн томмагІа делахь, иза динан дена тІеван веза. ДаІ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тІера чоьш кІай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даІ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу. Нагахь доІа тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула чІогІа дІасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю. Нагахь томмагІа, дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегІа тІе яьлла хІума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь цхьаннан чкъура тІехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дІайирзича, цигахь долчу жижиг тІехь цІегІо-кІайн томмагІа а хилахь, цу томмагІана тІера чоьш кІай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тІехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь томмагІана тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. ВорхІалгІачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула дІасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь томмагІа, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду, хІунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду. Нагахь стеган я зудчун коьрта тІехь я чІенгана тІехь даІ хилахь, динан да цамгаре хьожур ву. ДаІ чкъурана чудахна а долуш, цу тІера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тІехь я чІенгана тІехь йолу. Цу цамгаран доІе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тІера чоьш Іаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. ВорхІалгІачу дийнахь доІе а хьаьжна, нагахь чераш дІаса а ца даьржинехь, доІа тІехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даІ чкъурана чудахна а дацахь, цомгушчун месаш дІаларга еза. Амма даІ долу меттиг Іадйита еза. Динан дас шолгІа а дІакъасто веза цомгушниг ворхІ денна. ВорхІалгІачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даІ дегІа тІехула дІаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цІена хир ву. Нагахь стагана, ша Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхийначул тІаьхьа, чераш дегІа тІехула дІасадаржахь, динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даІ чкъурана чу даханехь, доІа тІехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цІена вац. Нагахь даІ ша ма-дарра а долуш, цу тІехь Іаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дІаяьлла, стаг цІена ву. Динан дас иза Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь стеган я зудчун дегІа тІехь кІайн томмагІаш хилахь, динан дена церан догІмаш тІехь кІайн-мокха томмагІаш гахь, иза дегІа тІе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цІена ду. Нагахь цхьаннан коьрта тІера месаш дІаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву. Нагахь стеган коьрта тІера хьалхара агІор месаш дІаевллехь, и стаг кІунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву Нагахь чераш я кІунзал болчу коьрта тІехь цІегІо-кІайн томмагІа хилахь, коьрта тІехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кІунзал болчу коьрта тІера цІегІо-кІайчу даІан дестар дегІа тІехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доІах тера хилар гахь, цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цІена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхо деза, стеган коьрта тІехь даІ ду аьлла. Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». «Нагахь бедарна тІехь доІан томмагІа хилахь, – тІергІан я ветанан бедарна, я кІадина тІехь, я тІаьрсигана тІехь, я тІаьрсигах йинчу хІуманна тІехь иза делахь, – ткъа цу тІехь долу и томмагІа баьццарчу я цІечу басахь хилахь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. Динан дас, даІан томмагІе а хьаьжна, бехйина хІума ворхІ денна дІакъастор ю ВорхІалгІачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хІумане. Нагахь даІан томмагІа бедарна тІехь, я тІергІан я ветанан кІади тІехь, я тІаьрсига тІехь – цуьнан Іалашо мухха елахь а – дІасадаьржинехь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду. И хІума цІена яц. Динан дас шена тІехь томмагІа йолу и бедар, я тІергІан я ветанан долу кІади, я тІаьрсигах йина хІума яго еза, хІунда аьлча цунна тІехь долу доІан томмагІа кхераме ду. И хІума цІера тІехь яго еза. Нагахь динан дена доІан томмагІа бедарна тІехула а, я кІадина тІехула а, я тІаьрсиган хІуманна тІехула а дІаса ца даьржинийла гахь, цо доІан томмагІа тІехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хІума шолгІа а дІакъастор ю ворхІ денна. Бехйина бедар йиттинчул тІаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тІехь долу доІан томмагІа я хийцаделла а, я дІасадаьржина а цахилар гахь, иза цІена яц. Иза яго еза – доІан томмагІа бедаран тІехуларчу я бухаларчу агІонна тІехь делахь а. Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тІера доІан томмагІа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагІа долу дакъа цо бедарна, я тІаьрсигана, я кІадина тІера схьадаккха деза. Нагахь доІан томмагІа юха а бедарна я кІадина, я муьлххачу а тІаьрсиган хІуманна тІехь гучудалахь, иза дІасадаьржаш долу доІан томмагІа ду. Шена тІехь доІан томмагІа мел долу бедар яго еза. Нагахь бедар я кІади, я муьлхха а тІаьрсиган хІума йиттича, цунна тІера доІан томмагІа лаьттина меттиг цІанлахь, и хІума кхин цкъа а йитта еза, тІаккха иза цІена хир ю». Иштта ду, тІергІан я ветанан бедарна я кІадина тІе, я муьлххачу тІаьрсиган хІуманна тІе доІан томмагІа даьлча, иза цІена я боьха хиларх долу тІедиллинарг. Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «ДІаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тІуналла хилахь, и тІуналла цІена яц. Ткъа стаг цІена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тІуналла бахьана долуш – тІуналла схьайолуш елахь а, стеган дегІаца иза юьсуш елахь а. И стаг тІевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тІехиъна йолу муьлхха хІума а боьха хир ю. Иза дІавуьжучу маттах дІахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Нагахь дегІах тІуналла схьайолуш волу стаг тІехиъначу хІуманна тІе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иштта стаг. ТІуналла схьайолучун дегІах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолучо цхьанна тІе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолуш верг тІехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цІена яц. Цу стагана бухахь хиллачу хІуманах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. И хІума карахь дІаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. ДегІах тІуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дІахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Шех тІуналла схьайолург дІахьакхавелла кхийра пхьегІа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегІа хица йила еза. ДегІах схьакъаьсташ йолу тІуналла сецча, ворхІ дийнахь Іан веза и стаг, Далла хьалха цІена хилархьама. Цул тІаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегІ дила деза цо, тІаккха иза цІена хир ву. БорхІалгІачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неІаре а веана, ши олхазар динан дега дІадала деза цо. Цхьана олхазарх къинан сагІа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагІа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду. Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тІуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегІ дила деза. Сарралц цІена хир вац иза. И тІуналла тІекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цІена хир дац уьш. Нагахь стаг зудчуьнца дІавижча, цунах тІуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цІена хир дац и шиъ. Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегІах цІий дІакъаьсташ елахь, ворхІ дийнахь иза цІена хир яц. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. Ша цІена цахиларан деношкахь и зуда тІейижна а, тІехиъна а йолу хІума цІена яц. Иза дІаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. И зуда тІехиъна Іийначу хІуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Иза дІайижначу маттера я хиъна Іийначуьра цхьана хІуманах хьакхавелларг сарралц цІена хир вац. Нагахь цІий догІучу хенахь цу зудчуьнца майра дІавижахь, иза ворхІ дийнахь цІена хир вац. И тІевижна муьлхха а мотт цІена хир бац. Нагахь зудчун цІий дІаэхар, баттахь хуьлу цІена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цІена хир яц, баттахь хуьлучу цІена цахиларан хенахь санна. Зудчунна цІий догІучу хенахь иза тІейижна муьлхха а мотт, иза тІехиъна муьлхха а хІума цІена хир яц, баттахь цІена ца хиларан хенахь тІейижна мотт санна. Цу хІуманех дІахьакхавелларг цІена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иза. ЦІий дІаэхар сецча, зудчо ворхІ дийнахь собар дан деза. Цул тІаьхьа иза цІена хир ю. БорхІалгІачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неІаре схьа а беана, динан дега дІабала беза цо. Олхазарех цхьаннах къинан сагІа, вукхунах дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду цо. Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хІуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цІа сийсаз а деш, шайн боьхачу хІуманашца уьш ца балийта. Иштта ду дегІах тІуналла схьакъаьстачех долу тІедиллинарг: стаг цІена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тІуналлех а, цІий дІаоьхучу зударех а, тІуналла дегІах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цІена йоцучу зудчуьнца дІавижначу майрачух а долу тІедиллинарг“».
Выбор основного перевода