Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кІорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Беа кога тІехь лелачу акхаройх тІодаш тІехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю. Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а, ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цІераш йолу моьлкъарчий а. Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хІуманна тІе йожахь, и хІума – дечиган пхьегІа а, я бедар а, я тІаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тІаьхьа иза цІена хир ю. Цу дийнатех елла хІума кхийрачу пхьегІи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегІа йохо еза. И санначу пхьегІи чуьра хица йина яа хІума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегІи чуьра молу хІума а хьарам хир ю. Церан чархах схьаяьлла тІейоьжна хІума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу. Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гІу елахь, и Далла хьалха цІена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дІахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву. Деллачу дийнатах схьаяьлла хІума тІейоьжна долу дІадоь хІу Далла хьалха цІена дуьсу. Ткъа шена тІехь хи долчу хІуьнна тІе деллачу цу дийнатан цхьа хІума йожахь, и хІу Далла хьалха боьха хир ду. Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Адаман докъах хьакхавелларг ворхІ дийнахь Далла хьалха цІена хир вац. КхозлагІчу а, ворхІалгІачу а деношкахь цІандаран хица тІехьарсийта деза цо. ТІаккха иза Далла хьалха цІена хир ву. Ткъа ша кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь цІан ца вайтинарг цІена хир вац. Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дІакхалхахь, цу чохь мел верг ворхІ дийнахь боьха хир ву. Иштта боьха хир ю шайна тІехь негІарш чІагІдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегІаш а. ТІамехь вен а вийна, аренгахь Іуьллучух я Іожалла тІееанчух, я деллачу адаман даьІахкех, я кошах дІахьакхавелларг муьлхха а ворхІ дийнахь цІена хир вац.
Выбор основного перевода