Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. я шех лаьцна харцдуй биъна хІума юхадала деза. ДогІург дерриг дІа а делла, цу тІе пхоьалгІа дакъа тоха деза цо. ГІуда такхаран сагІа доккхучу дийнахь цу хІуманан дега дІадала деза цо иза. Цхьаммо ларамаза дезачу сагІанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагІа юхаметтахІотто деза, цу тІе цуьнан пхоьалгІа дакъа тІе а тоьхна. Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дІакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дІадаха лерина болу ка а бала беза цо.
Выбор основного перевода