Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тІедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хІара ду: Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тІедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. «Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина.
Выбор основного перевода