Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тІе а дехкина, цунна тІехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дІадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тІаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дІахьажор ю цо и бож. ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукІарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дІакъаста». Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу.
Выбор основного перевода