Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІара ду гІуда такхаран сагІанах лаьцна тІедиллинарг. Иза чІогІа деза сагІа ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гІуда такхаран сагІина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цІий тоха деза сагІа доккхучу кхерчана тІе массо а агІор. Дийнатан ерриг а мохь сагІина яккха еза: дума а, чухулара мохь а, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Динан дас кхерча тІехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гІуда такхаран сагІа ду. Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагІа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧІогІа деза сагІа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза. Цхьаммо дийнаташ дагоран сагІа даьккхича, дийнатан неІ я цІока и сагІа даккхар дІахьош волчу динан дена дуьсу. Я пешахь, я ялгІу тІехь, я кхийрачу пхьегІи тІехь мел деттина кІен сагІа иза дІахьочу динан дена дуьсу. Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кІен сагІа АхІаронан кІенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а». Цхьаммо ларамаза дезачу сагІанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагІа юхаметтахІотто деза, цу тІе цуьнан пхоьалгІа дакъа тІе а тоьхна.
Выбор основного перевода