Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьанна кІен сагІа даккха лаахь, кІенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла цо. И сагІа динан дай болчу АхІаронан кІенташна тІе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагІа доккхучу кхерча тІехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦІера тІехь доккхуш долчу оцу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Цу стага, шен зуда динан дена тІе а ялийна, цунна тІера бархІ кад мекхан дама дан деза. Амма оцу демах я зайтдаьтта, я хаза хьожа йогІу хІума тоха ца еза. ХІунда аьлча иза стага шен эмгараллина тІера Везачу Элана лерина дахьаш долу кІен сагІа ду. Иза зулам дагалоцуш дахьаш долу сагІа ду.
Выбор основного перевода