Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу кхокханан цІий цо сагІа доккхучу кхерчан агІонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагІа хир ду. СтаргІина урс а хьаькхна, шен пІелгаца схьаэцна цІий кхерчан маІех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цІанбира цо. Юха, дисина цІий кхерчан буха тІе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цІена хилийта. КІенташа цІий деара АхІаронна тІе, цу чохь шен пІелг а башийна, кхерчан маІашна тІе хьаькхира цо, ткъа дисина цІий кхерчан буьхе охьадоьттира.
Выбор основного перевода