Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цІена доцучу хІуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тІаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву. Ойла а ца еш, цхьа хІума дийр ду аьлла, чІагІо ян там бу стага. И хІума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чІагІо яхь, амма цунна иза юха дагайоггІушехь цуьнан бехк хир бу. Нагахь санна стага Везачу Эло тІедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. Ткъа нагахь, ларамаза гІалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, – уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тІаьхьенашна тІекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ – аша хІун дан дезар ду? Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагІина цхьа старгІа а, тІедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догІу кІен а, чагІаран а сагІанаш даха деза. Иштта къинан сагІина лерина цхьа бож а ян еза Дерриге а Исраилан халкъана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза. ТІаккха халкъана гечдийр ду, и гІалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гІалатана цо Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа а, къинан сагІа а даьккхина дела а. Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Іаш болчу тІебаьхкинчу нахана а, и гІалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна.
Выбор основного перевода