Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тІера къинан сагІина къона старгІа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дІахІотто еза иза. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. Цундела нахана а, шена а тІера даха деза цо сагІанаш шаьш летийначу къинойх. Динан вукху коьртачу дайн санна, хІора дийнахь цкъа хьалха Шена тІера, юха нахана тІера сагІанаш даха ца деза Цуьнан, хІунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагІа, Ша дІа а велла. Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хІиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тІаьхьа еанчу дуйнан чІагІоно динан коьрта да хІоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КІант.
Выбор основного перевода