Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тІехь яго еза. Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. Цуьнан къинош дІадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду.
Выбор основного перевода