Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. Бертан сагІа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тІехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду.
Выбор основного перевода