Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Цуьнан къинош дІадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду. Цунах тоам бина а ца Іаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай. Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан. Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дегІ цкъа гуттаренна а сагІина даларна. Муьлхха а динан да хІора дийнахь Далла Іамал еш ву, цкъа а къинош дІадахалур доцу цхьатерра сагІанаш мосуьйттазза а дохуш. Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагІа а даьккхина, Далла аьтту агІор охьахиъна,
Выбор основного перевода