Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СтаргІа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дохкур ду. Делан цІенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгІина. СтаргІин цІий хьайн пІелгаца сагІа доккхучу кхерчан маІаш тІе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта. Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доІах тІехь йолу мохь а, шайна тІера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. СтаргІин жижиг а, неІ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагІа ду. Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама.
Выбор основного перевода