Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Цо ша хІинццалц ца делларг дІадала деза. ДІадала дезачунна тІе пхоьалгІа дакъа а тоьхна, иза динан дега дІадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Цо гІуда такхаран сагІа а лерина, ка схьаоьцур бу, тІаккха Дала а цу стагана гечдийр ду. Нагахь санна стага Везачу Эло тІедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гІуда такхаран сагІина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала а гечдийр ду цунна. Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагІина шо кхаьчна йолу газа ян еза. ЯхІунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гІаж, дІа а кховдийна, мезан улха юккъе а Іоьттина, цу тІера моз дІакхаьллира. Цуьнан ши бІаьрг серлабелира.
Выбор основного перевода