Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен ден зудчуьнца цхьаъ дІавижча, цо шен да сийсазво. И стаг а, цуьнца лелла зуда а ден деза, церан цІий царна тІехь ду. Нагахь цхьаъ шен несаца дІавижахь, и ший а дуьйр ду, хІунда аьлча дегаза гІуллакх ду цара динарг. Церан цІий царна тІехь ду. Нагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дІавижахь, цара динарг дегаза гІуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цІий царна тІехь ду. Хьарам хІума ду зуда а, цуьнан нана а ялор. И стаг а, ший зуда а цІергахь даго деза. И санна боьха гІуллакх шайна юкъахь ма хилийта! Дийнатаца цхьаъ дІавижахь, иза ве, дийнат а де. Нагахь зуда дийнатца дІайижахь, иза а е, дийнат а де. Уьш дайа деза, ткъа церан цІий царна тІехь ду. Нагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дІавижахь, цо динарг хьарам гІуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дІаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дІавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза. Зударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дІавижахь, цуьнан цІий дІаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза. Ненан йишица а, ден йишица а дІа ма вижа, хІунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду. Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дІавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дІадаллалц бераш хир дац церан. Нагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дІавижахь, цо динарг боьха гІуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.
Выбор основного перевода