Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн Делан цІеран сий а дойуш, харцонна тІехь Сан цІарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву. «ДІаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тІевеана Іаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дІалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІулгаш кхисса деза. Ас, Сайн оьгІазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дІаэккхор ву и стаг, хІунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дІа а луш, Сан цІа бех а дина, Сан сийлахь цІе сийсаз а йина. Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дІаваларх халкъана юкъара массара а шайн бІаьргаш дІахьаббинехь, цара иза ца вийнехь, Ас-Айса Сайн оьгІазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Іибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу. Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. Сан еза цІе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со. ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Юши-ЯхІу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХІинам-тогІи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кІант я йоІ цигахь Мулка-цІунна лерина цІерах чекх ца бахийтархьама. ТІаккха уьш кхечу мехкашка дІабахара, амма цигахь а цара Сан еза цІе сийсазъяьккхира, хІунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза – Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тІера арадала дезаш хили иза“. Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ.
Выбор основного перевода