Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Ас шу долчуьра дІаэккхочу къаьмнийн гІиллакхаш тІе ма эца. Цу наха и массо а боьха гІуллакхаш леладора, цундела Суна чІогІа ца бийзира уьш. Ас царна тІедиллинера, шайна хьалхара боьха цІуш дІабаха, шаьш мисархойн цІуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву! Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогІа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цІуш дІа ца бехира, я мисархойн цІушна букъ а ца берзийра. ТІаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тІе охьаІано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгІазалла царна тІе яхийта а.
Выбор основного перевода