Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен дуьххьарлерачу кІантана Іаьрана Тамара цІе йолуш зуда ялийра ЯхІуда. Амма Шена хьалха Іаьр къиношца Іарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. ТІаккха ЯхІуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дІа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тІаьхье хилийта». Амма Онанна хаьара оцу тІаьхьенан да ша хир воций, цундела хІоразза а вешин зудчуьнца дІавижча, бер ца хуьлу агІо лелайора цо. Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дІаийцира. ТІаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кІантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхІуда элира шен несе Тамаре: «Сан кІант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дІа а гІой, йисина Іаш йолу зуда Іа ма-еззара Іе». Тамара шен ден цІа дІаяхара. Дикка хан яьлча, ЯхІудан зуда, ШуІин йоІ, елира. Шен са тийначул тІаьхьа ЯхІуд шен уьстагІий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Іадулам-гІалара цуьнан доттагІа Хьира а вахара цуьнца. Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагІий ларга воьдуш ву». Йисина Іачу зудчун духар дІа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тІе хІума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Іенаим-гІалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дІа ца ялар. Тамара шена гича, цуьнан юьхь дІакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхІудана. Зудчунна тІе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дІавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла. Зудчо хаьттира: «Ахь хІун лур ю суна хьо сайца дІавуьжуьйтург?» ЯхІуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна». Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хІума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?» ЯхІуда хаьттира: «ХІун закъалт ло хьуна?» Зудчо жоп делира: «Хьан мухІар а, цу тІера тІийриг а, хьан карара Іаса а оьшу суна». Цо йоьхург дІа а елла, цуьнца дІавижира ЯхІуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах. Цигара дІа а яхана, ша тІеоьхкина хІуманаш дІа а яьхна, йисина Іачу зудчун духар тІедуьйхира цо. Цу хенахь ЯхІуда шен доттагІа Іадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хІуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагІчунна и зуда ца карийра. Цо хаьттира цигарчу нахе: «Іенаим уллохула болучу некъан йистехь Іийна, цІуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда мичахь ю?» – аьлла. Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда». ЯхІуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, – боху». ЯхІуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна». Кхо бутт баьлча, ЯхІуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!» ЯхІуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!» Амма ша дІаюьгучу хенахь мардена тІе стаг вахийтира Тамарас: «ХІара хІуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДІахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хІара мухІар а, тІийриг а, Іаса а», – аьлла. ЯхІудана евзира и хІуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хІунда аьлча ас сайн кІанте Шейле иза дІа ца елира». Кхин цуьнца дІа ца вижира ЯхІуд.
Выбор основного перевода