Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна цхьаьна Іаш болчу вежарех кІант воцу цхьа ваша дІакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. И де тІекхачале дикка хьалха ХІарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш дина хилла. Яхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла. «Устаз, Мусас Іамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тІаьхье санна лору.
Выбор основного перевода