Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дІавижахь, цара динарг дегаза гІуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цІий царна тІехь ду. Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догІмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгІазло шайн коьрта тІе йоуьйтура цара. Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш.
Выбор основного перевода