Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тІедехкинарш дІа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву. «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Іийсас, – иштта дан а де ахь, тІаккха хьо Дела волчохь вехар ву». Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
Выбор основного перевода