Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
(Шул хьалха оцу лаьтта тІехь баьхначу наха лелийна и дегаза гІуллакхаш, цара бехдина и латта.) Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тІера дІаІеттор ду шу, шул хьалха цигахь Іийна халкъаш санна. Дерриг а Сан парзаш лар а де, Ас тІе мел диллинарг кхочуш а де, Ас шу даха тІедуьгучу лаьтто шу дІа ма Іеттадойла. Ас шу долчуьра дІаэккхочу къаьмнийн гІиллакхаш тІе ма эца. Цу наха и массо а боьха гІуллакхаш леладора, цундела Суна чІогІа ца бийзира уьш. Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хІунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора. ХІунда аьлча Веза Эла ву Шен хІусамера араволуш лаьтта тІехь бехачарна таІзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тІехь Іанийна долу цІий, кхин къайлабохур бац байина нах.
Выбор основного перевода