Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш. Ас шу долчуьра дІаэккхочу къаьмнийн гІиллакхаш тІе ма эца. Цу наха и массо а боьха гІуллакхаш леладора, цундела Суна чІогІа ца бийзира уьш. Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дІалаьхкинчул тІаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хІара латта тхайн дола даккха“. ХІан-хІан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дІалохкур ду уьш. Хьайн ден йишица дІа ма вижа. Хьан деца цхьана цІийх схьаяьлла ма ю иза. Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг.
Выбор основного перевода