Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира. ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Ярушалайм-гІалина малхбалехь болу а, ХІаллакдаран ломана къилбехь болу а сагІа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхІу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дІахІиттийнера цІаданхоша Іамал еш йолчу дегазчу Іаштарт-цІунна а, муабахоша Іамал еш волчу боьхачу Камош-цІунна а, Іамминхоша Іамал еш волчу дегазчу МилкІом-цІунна а лерина.
Выбор основного перевода