Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаІална а, Іаштартана а, арамхойн а, цІаданхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а харцделанашна Іамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Іамал ечуьра севцира уьш. Веза Эла оьгІазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пІелаштамхойн а, Іамминхойн а кара дІабелира. «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна».
Выбор основного перевода