Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іамминхойн исраилхошца болу тІом дІаболабеллачул тІаьхьа галІадхойн къаной баьхкира Яптахь ТІоба-махкара дІавига. Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тІехь куьйгалхо а хилий, Іамминхошца тІом байта вайга». Амма Яптахьа галІадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цІа чуьра араваьккхира аша. Шайна тІе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?» ГалІадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Іамминхошца ахьа тІом баре а, ГалІадахь дехаш мел долчу адамашна тІехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу». Яптахьа къаношка хаьттира: «Іамминхошца тІом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?» ГалІадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!» Яптахь ГалІадарчу къаношца дІавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дІахІоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицІпахь юха а элира.
Выбор основного перевода