Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. «Делахь, шайн хІинца болу хийра деланаш дІа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тІедерзаде», – элира ЮшаІа. Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кІелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. Ткъа Цо тидам бира уьш гІайгІанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дІахезча. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дІа а яьккхина, йоха а йина, хІаллакйина хир ю аьлла, Аса дІахьедар дахь, амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац.
Выбор основного перевода