Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. Цундела боху илланчаша: «Хьешбон-гІала гІо, то а йина, чІагІйойла Сихьонан гІала! Сихьонан гІалара Хьешбонера схьаяьлла цІе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Іар-гІала, Арнон-хина тІехулара гунаш а дагийра. Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо! Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти, йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги. Амма оха хІаллакбина эмархой, Хьешбона тІера Дибонна тІекхаччалц церан гІаланаш йохийна, Мейдеба-гІали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тІекхаччалц бассийна церан мохк». Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой. Мусас масех стаг вахийтира ЯІзир-гІалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гІала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша. БалиІам, хьала а гІаьттина, шен цІа дІавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дІавахара. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ІегІлонна Исраилан халкъана дуьхьалхІотта ницкъ белира. Цо, Іамалекхахой а, Іамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гІала кара а ерзош. Цул тІаьхьа кхин а цхьана стага кІелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Іанатин кІант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гІожаца ялх бІе пІелаштамхо вийра.
Выбор основного перевода