Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаІанхойн паччахьаша тІом бира. ТаІнакахь, МагІиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хІонс ца кхечира царна цигара. ХІоразза а исраилхоша хІума дІайийча, маданхой а, Іамалекхахой а, иштта малхбалехьа Іаш долу къаьмнаш а, схьа а догІий, царна тІелетара. МостагІаша гІело йора царна, церан куьйга кІелахь уьш къера хилла дІахІиттира. Везачу Эло дукхазза а кІелхьарбохура уьш, амма царна Цунна дуьхьалбовла лаьара, уьш шайн къинойн уьшал чу кхин а кІорга чубахара.
Выбор основного перевода