Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна. Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара.
Выбор основного перевода