Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ПхоьалгІа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира. Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап, Алам-Малик, ІамІад, Мишъал. Малхбузерчу агІор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тІекхочура. Юха, малхбалехьа Байт-ДагІон йолчу дІа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогІина а тІекхочура иза. Цул тІаьхьа къилбаседехьарчу агІор Байт-Іамакхна, НеІилна а тІех а долий, Хабулна тІекхочура иза. Цул тІаьхьа доза, Іабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тІе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦІаданна тІекхаччалц дІадоьдура. Рама-гІала йолчу юха а доьрзий, цигара дІа чІагІйина йолчу Цора-гІалина тІедоьдура доза, ткъа цигара дІа Хьоса-гІалина тІедоьрзура. ХІорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. Іума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гІала яра шайн ярташца. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаІална а, Іаштартана а, арамхойн а, цІаданхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а харцделанашна Іамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Іамал ечуьра севцира уьш.
Выбор основного перевода