Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Цул тІаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кІант ЮшаІ, кхелхира. Цуьнан бІе итт шо дара. Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тІом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла». Цул тІаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхІуд-махкарчу цхьана гІала гІой со?» Везачу Эло цунна жоп делира: «ГІо». ТІаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гІо со?» Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гІо».
Выбор основного перевода