Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шайн да РаІал волчу бахара йоІарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цІа?» Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагІий дажош вара Муса. Цкъа уьстагІий дажош, генна яьссачу арахула дІавахна, Хьариб цІе йолчу Делан лам тІе кхечира иза. Шен стунден маданхочун РаІалан кІанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хІунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла». НегІаб-аре а, шех палманийн гІала олу Ерихон тІехь лаьтта тогІи а, ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц болу мохк а гайтира Цо. Цо, Іамалекхахой а, Іамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гІала кара а ерзош. Цигахь, Хьебар цІе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дІакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тІаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаІнаним цІе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дІахІоттийнера. Сисра Хьебаран зудчун ЯІалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цІа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Іаш дара. Шаула кхенахошна тІе хабар дахьийтира: «Іамалекхахойх дІакхеттачуьра дІакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогІучу хенахь Исраилан халкъана гІо дина». Кхенахой Іамалекхахошна юкъара дІакъаьстира. Ахаша хоттура Дауде: «ХІинца хьанна тІелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегІаб арахь болчу ЯхІуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Іаш болчу кхенахошна».
Выбор основного перевода