Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаІанхой шерачу арахь а, тогІи чохь а Іаш бу. Церан аьчках йина тІеман гІудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Іаш берш а, ИзраІал-тогІи чохь Іаш берш а тІеман гІудалкхаш йолуш бу». ламанан мохк шун хир бу. Цу тІехь хьун елахь а, аш иза дІацІанбийр бу, тІаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаІанхой дІалохкур бу, церан аьчка гІудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а». Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш гІур бу. Аса хІара мохк церан кара дІабелла». Цул тІаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегІаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тІехь а бехаш болчу канаІанхошца тІом бан бахара.
Выбор основного перевода