Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
И латта Епунин кІант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дІалур ду, цунна а, цуьнан кІенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тІаьхьа хІоттарна“. Цу дийнахь Мусас чІагІо йира суна: „Хьан ког тІебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хІунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тІера ца вели хьо“, – аьлла. Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.
Выбор основного перевода