Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЮшаІ а, исраилхой а, ІегІлонара дІа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гІалина дуьхьал тІом бира цара. ГІала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гІали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хІаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ІегІлон-гІалина диннарг дира Хьевронна а: гІала а йохийра, дерриг адам хІаллак а дира. Цул тІаьхьа ЮшаІ а, цуьнан эскар а, юха а дирзина, Дибар-гІалина тІе а деана, цуьнца тІом бан хІоьттира. ГІала а, цуьнан паччахь а, гонахара ярташ а, схьа а яьхна, туьра кІел яхийтира цара. Дерриг а са мел долу адам хІаллакдира: дийна цхьа а ца висира. Хьевронна а, цуьнан паччахьна а, Либнина а, цуьнан паччахьна а диннарг Дибарна а, цуьнан паччахьна а дира. Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. Кхузара дІа Дибар-гІалин бахархошна тІелетира иза. (Цу гІалин цІе хьалха Кхиръят-Сапар яра.) Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тІе а летта, и гІала схьаяьккхинчу стаге сайн йоІ Іахисат маре йохуьйтур ю ас». Килабан вешин Кхеназан кІанта Іотниал схьаяьккхира и гІала, тІаккха цуьнга шен йоІ Іахисат маре яхийтира Килаба. Майрачун цІен тІе дІайоьдучу дийнахь Іотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Іахисат вира тІера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХІумма а оьший хьуна?» ЙоІа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТІаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дІаделира цунна. Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто.
Выбор основного перевода