Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кІен буьртиг лаьтта боьжча, хІаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хІаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо. Шен са дезачо иза хІаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Іалашдийр ду иза. Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Іаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра.
Выбор основного перевода