Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха хьуна айхьа дІакхехьна некъаш дагадогІур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий – Седам а, Шамран а, – хьуна йоІарий санна дІалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогІуш дацара, амма Ас иза дийр ду. Ахьа мел лелийначух Аса хьо цІанъечу хенахь хьуна и вон хІуманаш дагадогІур а ду, хьуна эхь а хетар ду, хьо юьхьІаьржачу хІоттарна бага хьалагІатто аьтто а хир бац хьан». Иштта элира Хьалдолчу Эло. Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегІан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Іожаллина гІуллакхаш дойтура. Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Іожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргІато а ю.
Выбор основного перевода