Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама. Ткъа хІинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргІатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гІуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до. Товрат-хьехамаша со хІаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вāхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жІарах дІатоьхча санна, велла. Суна-м ца лаьа цхьана а хІуманна тІехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан, жІарах дІатохаран тІехь бен! И жІара бахьана долуш хІара дуьне суна дІадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дІаваьллера.
Выбор основного перевода