Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха Іуьйранна Іийса юха а Делан цІийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тІе. Охьа а хиъна, Іийсас нахана хьехамаш бира. И элира цара Іийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гІалат тІехтохархьама а. Ткъа Іийса, лохха охьа а таьІна, лаьттахь пІелгаца яздан волавелира. Корта хьала а айина, Іийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?» ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. Сан хьоме доттагІий! Дала вайна и ерриге а чІагІонаш йина дела, вешан догІмаш а, синош а бехдеш мел долчух цІанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дІало вай. Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догІмаш лардан деза аша, хІунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дІакъасто. Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цІена лелийтархьама хаьржина. Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар. Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла».
Выбор основного перевода