Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргІат а дохур ду». Ткъа цара жоп делира Іийсага: «Тхо ИбрахІиман хІух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргІатдевр ду“?» Іийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хІора къа латош верг цу къинан лай ву. Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кІант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу. Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цІеначу хьехамех масал а дай, Іелахь.
Выбор основного перевода